Самоучитель чеченского языка
Шрифт:
– Суна хазарца, хьуна цIе тиллинарг Раевский Николай Николаевич ву-кх?
– Ву те, сан гІайгІа беш, со шена тІелаьцнарг и ву.
– Со воккхаве Николай Николаевичах, тІеэцна кІант цуьнан ишта хиларх!
ЦІа чу велира, карта а, кехаташ а дохьуш, полковник Толь.
Давыдоввий, Чеченский, Храповицкий, Іодика а йина, араве-лира. Цигахь бевзаш болчу а, боцчу а штабан эпсаршна юкъ-анисбелира уьш. Берраш а бара, фельдмаршало цаьрца хІун дийцира, хаа лууш.
Тохара Нижегородски драгунски полкехь шеца цхьаьна гІуллакх деш хилла Павел Барэновский гира Чеченскийна. 1796-чу шарахь Дербент йсжкхуш хиллачу тІамехь дакъа а лаьцнера шиммо а. Ший а дукха къона вара хІетахь.
– Ма дагахь дацара суна, Александр, хьо кхузахь гур ву, аьлла.
– Хьуначул башха, Павел, суна а! Ший а мар-мараиккхира, велавелира.
– Хьо хьаннашкахь тІом беш ву, бохург хезнера суна. Накха а бу совгІатех буьзна, - даггара воккхавера Павел.
– Шиъ Аннын орден, бантаца Владимир, Георгий… Шортта ю. Декъал-во ас хьо!
– кхин цкъа а мэравоьллира цо иза.
– ТІаьхьависина-м хьо а вац, суна гарехь- Массо в ду вай цхьа хьанал гІуллакх душ!
– элира Чеченскийс.
– Бакъ ву хьо цу тІехь. Валол, со волчу гІур ву вайшиъ Хьоьца жимма цхьаьна Іен лаьа суна, шира хІуманаш дага а лоьцуш.
Цхьаьна аравелира и шиъ.
Сахьт гергга хан яьлча, пийсакийн кеманаш тІехь а, даккхийчу гила-кеманаш тІехь а бердан йисте схьаэха буьйла-белира мостагІчун салтий. ТІаьххьара схьадеанчу пийсакийн кеманахь вара полковник ша. ПІелгаш куйнан йисте дехьина честь дина, вист а ца хуьлуш, тІехвелира иза гусарийн эпсаршна.
Нидерландин коьртачу шахьарехьа боьдучу новкъа дІабахара уьш.
Гусарийн полк гІопа чу яхара. БІе гергга йоккха топ а, ялх бІе кема а деара церан кара,
Кхиамца гІала-гІап Виллемштадт схьалацарна Чеченскийна Владимиран 3-чу даржан орден елира.
/. Гайсултанов
34. ВСПОМНИМ О НАРЕЧИИ.
1. Выпишите из текста наречия, распределяя их по разрядам.
2. Покажите, с какими словами согласуются наречия текста. Определите синтаксическую функцию наречий текста.
3. Объясните историческое происхождение наречий. Объяс-ните, какие наречия изменяются по падежам.
4. Объясните, какие наречия переходят в сравнительную степень.
…ТІаккха Дудас, меллаша юха а вирзина, шен гІоьмеш йохку ши куьг, шайн утармех а тевжина, корта а оллийна, ехачу мож т!е наггахь куьг а хьош лаьттачу Бешир-моллина тІе а хьа-жош, - ПетІамат!.. И лаьтта Бешир-молла ву хьуна тахана дуьйна дІа хьан да, цо бохург дар. цуьнга ладогІар тІехь ду хьуна, - аьлла, Дудин къамел чекхдолуш, Дудина тІекхача дагахь стражникашна юкъаоьккхуш йоллу ПетІамат цхьана стражнико Іоьттинчу тоьпан буьхо йхакхоьссина охьайоьжча, доккчачу хьаьжа юккъе сийна шед хІоьттинчу Дудас.
– Эй! чорт! Я тебе дам, - аьлла, шена юххерчу старжникан вортан тІе болатан гІоьмеш йохку шен ший а буй туьйхира. Оцу мет-техь хьалхавоьду Хьаьбиб а юхахьаьжира. ТІаьхьарчу шина стражнико, тоьпан баххаш тоьхна. Дуда генна хьалха берталва-хийтира.
Тоьпан буьхо човхийнчу ПетІаматана деге лазар деара. Цо гІийлачу эшарехь - ва Дада!.. ДадаІ-.ХІара хІун ду? ХІара хІун ду?
– олуш, шен хаза дег! ирчу бІаьллаш тІе охьадиллира, шен горга юьхь горгачу малхе а ерзош.
Дикка лазийна Дуда, халла гІаьттира хьала. ТІаккха гІийла корта ластийна, гонахарчу нахах эхьхетта, уккал а таІийна, дІаволавелира.
ДудагІарна тІаьхьабевлла лаьтта зударш шийлачу маьхьар" ца ПетІаматна тІехьаьвдира. Лаьтташ болу божарий, цкъа Іуьллучу ПетІамате хьовсуш, тІаккха Дудина тІаьхьа хьовсуш лаьттара, шайн декъа балдаш лакхарчу цергашца а къуьйлуш, шаьлтанашна тІе каш а дехкина, наггахь вовшашка а хьов-суш, хала садетташ.
ДудагІар чехка кхечира кху юьрта юккъерчу майданарчу правлене. Уьш, Хьаьбиб хьалха а волуш, цунна тІаьхьа Дуда а хІоттийна, чубахара.
Малх дикка хьалабаьлла лаьттара, стиглахь неканца лела овкъаран басара мархаш, чевнан бамбин басарчу мархашца хийцаеллерэ. Аьрцнашна тІехьа генна йийшина Іохкуш бодане мархаш а гора, Майданхула наггахь лезанан ворданаш а юьйлура тІех. ДІасалелаш тІехь беркъа а, цІена а кегий, баккхий нах а бара. Наггахь тІехйолуш зуда а гора, шен корталин тІам бете а уьйзуш.
Чувигина Дуда сахьт а далале ваьккхира цу правленин майдана хьалха йолучу уча. Цунна уллохь тоьпашца ши страж-ник а вара эрмалойн мажошца.
Дуда, шена цу чохь еттарна, коьртах оьху цІий лерга улло-хула охьахьодуш хаадаларна делахь э, шен куьйгех йохкучу гІоьмех а тосуш, когех болатан буржал тохарна делахь а, хьал-халерчул дикка гІелвеллера. Кхо шен декъа балда цергашца лаьцначуьра дІа ца хоьцура. Кхуьнан шена хьалхарчу майдана юккъехь доллучу лекхчу дитта тІехь декаш Іачу хьозех бІаьрг кхийтира. Уьш, цІеххьана хьала а лилхина, шайна луъ-луучу агІор дІасхьадовлуш а гира Дудина. ХІара, леррина цкъа цаьрга а хьаьжна, юха шен куьйгех, когех йохкучу болатан чІагаршка а хьаьжна, «да вала хьан, дуьне делаІ-кх», - аьлла, ойла ян хІоьттира. Оццу меттехь, кхуьнца волчу щина стражнико шайна хьалха, чІогІа шодмийн татанаш а дохуш, говрашкахь ялх стражник дІахІоьттича, Дуда царна юккъе дІа а хІоттош, цаьога цІен печать тІехь а долуш, доккха кІайн кехат дІаделира. ТІаккха хІара говрашкахь болу стражникаш, гІаш волчу Дудина гонах а бевлла, юьйлинчу тоьпашца кху юьртан боккхачу урамехула дІабуьйлабелира, гІала баха. Дудин ондачу дегІахара болатан чІагарш, дехха аьзнаш а кхуьйсуш, ека а йолаелира.
С. Бадуев
ПОСЛОВИЦЫ И ПОГОВОРКИ
Постарайтесь запомнить и записать в свою тетрадь интересные для вас пословицы и поговорки.
1. Сих ма ло, виц ма ло. Не спеши и не забывайся.
2. Лаца ма лаца ден маж, лаьцча дІа ма хеца. Не хватайся за отцовскую бороду, но если схватишься, не выпускай (соотв.: взявшись за гуж, не говори, что не дюж).
3. Хьалха хьажаза ког ма баккха тІехьа хьажаза дош ма ала. Не посмотревши вперед, не делай шагу; не посмотревши на-зад, не вымолви слова.
4. Палс ма-ббу хеца ког. По паласу и ноги протягивай.
5. Чорпано вагийнчо хина хІуп баьхна. Обжегшись на супе, дует на воду
6. Церг йоцуш борз ца хуьлу. Волк не бывает без зубов.
7. Денна ца яхьа хиэ чалх. Не каждый день река ворох приносит.
8. ГІаз тІаьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна. И Бек не растерялся, когда за ним побежал гусь.
9. Іаж Іожана гена ца бужу. Яблоко от яблони недалеко падает.
10. Іиллинчу барзал лелла цхьогал тоьлла. Бегающая лисица лучше лежащего волка-
11. Нанас бер дилхича дакхадо. Мать кормит дитя, когда оно заплачет.
12. Чохь диснарг - деши, арадаьлларг - дети. Что осталось - золото, что ушло - серебро,
13. ЦІей, хий цхьаьна тарлац. Огонь и вода не уживаются.
14. Хиэ хьер хьийзайо. Вода мельницу крутит.
15. УгІуш яханчу барзо сай ца лаьций. С воем рыскающий волк оленя не поймал.
16. Нехан говро ирхе дика йоккху. Чужая лошадь подъем хорошо берет.
17. Газа иккхинчухула буьхьиг а иккхина. Куда коза, туда и козленок.