Йеха буьйсанаш
Шрифт:
– Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.
– Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тIеоьцур бу шайн басурманаш.
Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.
1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гIоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бIе эзар Крымера гIезалой, ногIий а тIеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.
Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бIе эзар гIезало дIакхелхира цига. Царна тIаьхьа ногIий а гIоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Iехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дIабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дIа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Iедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.
– Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дIа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дIа а баьхна, и вешан мостагIий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цIе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХIан-хIа, ма-хуьллу генабаха беза!
1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тIаьххьара а чIагIбира ламанхой кхалхоран гIуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.
ТIакхха дIайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.
Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тIаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тIом сацийра. Амма паччахьан правительствона кIезиг хетара церан муьтIахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хIоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни Iедална кIел совцар, йа – лаххьабелла Турце дIакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тIе кхалхар а, Iожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тIеэца ца лиъна халкъаш, кIез-кIезиг лоьхкуш, цкъа арен тIера ломан когашка дигира, цигара дIа лаьмнашка таIийра, лаьмнашкара дIа – хIордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тIеман эрчонаш лайна, мацалло, цамгарша гIелбина ах миллион Малхбузера ламанхой, некха тIе цамзанаш хIиттийна, хIордийн бердийн йистошка таIийра. Ирсе-м догдохуьйла а йацара хIордан дехьарчу бердашкахь, амма, шайн синош кIелхьардаха, цига, хийрачу Турце, бовда дийзира церан…
Ламанхой дIауьдура шайн даймахкара. ЦIенош, даьхний, чудерзийний-дерзозий йалташ дуьтуш. ЦхьакIеззиг бахархойн аьтто нислора шайн миска сал-пал йохка. Иза а – маьхза, ала мегар долуш. Масех бIе эзар стаг шайн бахамаш, даьхний, сал-пал цхьана хенахь йохка боьлча, церан мах лахбелира буьйцу а ца хезначу бараме. Къаьсттина дорах дара даьхний а, герз а. Туркойн правительствос бакъо ца йеллера ламанхошна дохнаца а, герзаца а шайн импери чу бахка.
Кхелхачу ламанхошка хIоьттина ирча хьал гинчийн дийцаршка ша а дукха ладегIнера Лорис-Меликовс. ХIордал дехьабовла кеманаш ца нислуш, масех батте, шаре а бовлура уьш. Iаьнна кIел бахча, цаьрга хIоьттинчу хьолан сурт дилла а, дийца а хала дара. Дерзина, ала мегар долуш, бераш, зударий, карахь доцу йалтийн рицкъа, йукъадаьржина морзгалийн, Iаьржа а, чоьнан а ун, хоршанаш. ХIордан йистаца дIасакхийсина Iохкура, жIаьлеша диъна, дохийна, гIорийна, адамийн декъий. Оцу декъашна йуккъехь гора, чохь синош хилар бен, царах уьш къасто кхин билгало йоцуш, эгна Iохкуш, хевшина а, халла ирахь лелаш а адамаш. Царах дуккха а, дегIера са дала а кхиале, жIаьлийн хIонс хуьлура.
Ламанхой хIордан дехьа бердашка кхалхочу туркойн шкиперша, шайн сутаралла, барамал сов а кеманашна тIе буттура уьш. Мах коьртан цIарах ма боккхура. Ткъа кеманна мохь базбелча, жимма а уьне цамгар кхеттарш, когаш, кортош а лоьцуш, хIорда чу кхуьйсура. ТулгIеша аратийсинчу декъаша дуьйдинера хIордан шина а агIорхьара дерриг бердаш.
Кхелхачарна гIоьнна кхо бIе эзар сом ахча къастийнера паччахьан правительствос. Цунах цхьадерг уьш дехьабаха йолах лаьцначу кеманийн дайшна деллера, ткъа цхьакIеззиг кхелхачеран кара кхочура. Цхьа дакъа оьрсийн чиновникаша шайн дола хьовзадора.
Цхьадолчу кеманашна буха Iуьргаш а дохий, ламанхой тIебутту, ткъа уьш хIордан йуккъе девлча, хи буха доьлху, кхелхачарна лерина ахча кхузарчу оьрсийн Iедалан чиновникийн кисанахь дуьсу бохуш, эладитанаш а дара.
ХIокху Iаьржачу хIордан малхбале бердашкара уьш дIа а бовлале, йолийнера ламанхойх йохка-эцар. Кеманан долахошна дала ахча доцчара цуьнан метта зударий а, бераш а лора. Ахчанца кхуза оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тIебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.
– Понт Эвксинский хIордан тулгIешна тIехь инзаре дукха ламанхой хIаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дIакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хIаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…
Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гIертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хIокху махкара дIа а даьхна, шен тIеман стратегин Iалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дIа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагIчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БIе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Iехош, хIокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.
Ламанхой кхалхош шина а правительствона гIo дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин Iедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.
Баккъал a, xIapa ламанхой некъашкахь а, дIакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хIаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тIехдика дIатарбелира цигахь. ТIаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тIеман а лаккхара гIуллакхаш дIалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.
4
ХIаъ, Михаил Тариэловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах. Амма империн гIуллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, тIаьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига дIакхалхо а реза ву иза.
Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран гIуллакхна тIехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу. Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон. …Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даьIахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина дIа сагатдо правительствон. Цкъа а ца хилла цигахь машар, хIинца а бац. Хир а бац и, Нохчийчоь тIаьххьара гуттаренна а гора ца хIоттайахь. Ах бIе шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна.
«И нохчий Iаламат нуьцкъала а, кхераме а халкъ ду, – йаздора цо оьгIазе. – Цул сов, луларчу халкъаша a гIo до кхунна. Йа нохчашка безам болуш, йа вайца мостагIалла долуш а дац иза. Лаьмнашкахь и доккха, майра, нуьцкъала а халкъ, эшна, вайн кога кIел дагIахь, цуьнца цхьаьна шаьш а оьрсийн Iедална кIелдахарна кхоьруш. ГIебарта хIун йу? ХIумма а йоцург! Шайн кIордамечу ловзаршца вай девне-м кхойкху гIебартоша. Амма цхьана ханна уьш лан деза сан. Уггар кхерамечу йовсаршца – нохчашца – дерг чекхдаллалц. Нохчий дIаьвше лаьхьарчий ду. Ткъа важа дисина ламанан къаьмнаш – чуьркаш. Лаьхьарчаша цIий муьйлуш хилча, чуьркийн араш хаалац. Кху крайхь кхерамазалла, машар, тийналла а хир йац, Теркан лахенан аьтту aгIop долу нохчийн латтанаш вай дIа ца лецахь. И нохчий бу xIapa Кавказ карзахйохурш. Уьш къарбой, Кавказ къарлур йу. НеIалт хилла къам! ХIара тIаьххьара зама тIекхаччалц оццул дукха а ма бацара уьш. Шайн махкахь цхьацца зуламаш дина, бевдда баьхкина кхечу къаьмнех болу шаьш санна талорхой гIадбоьлхий тIелоцу цара. Уьш тIелецна Iаш белара. Вайн салтий а ма уьду Нохчийчу. Кхечу ламанхошна тIе ца бовду, ткъа – Нохчийчу. И нохчий, цхьа а Iедал къобал ца деш, шайн лаамехь маьрша болу дела. Уьш санна, шаьш а талорхой болу дела. Цундела, гIадбоьлхий, вовшашна мар-мара лелха! Массо тайпанчу талорхойн, вайн уьдучу салтийн а бен ма бу и Нохчийчоь. Ас даим а ультиматум хIоттайо оцу йовсаршна хьалха: бевдда шайна йукъабаьхкина салтий соьга схьало, йа ас адамашна дуьйцу ца хезна таIзар дийр ду шуна тIехь. Цкъа а цхьа салти а схьа-м ца велла! Цундела ас хIаллакйора церан йарташ. Цул сийдоцуш, боьха къам кху маьлха кIел хир дац. Кху дуьненахь адам хьоькхуш лела и Iаьржа ун а къехка царах, церан вуолла. Со Iебар вац царах, тIаьххьара веллачу нохчочун чарх Ставрополан музейхь сайн шина бIаьргана гичий бен!»